13📌
➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖
БисмильЛьаах1и рРохьмаани рРохьим.
Абу х1уройрас дуьц (Дел рез хил цунна), Дел элчано элир аьл (Делер Салам маршал хил цун):
Аллах1и дъяз ткъе ткъаяс (99) ц1ераш ю, уьш ерриге дагахь 1аминаг милла валахь , шей маь1нашцини, церц 1амал йарци, иза Ялсман чу вахна.
(Бухари чохь ду х1ара хьадис).
Шейх Мухьаммад Ибн Солихь ал-Мунаджидс аьлла (Аллах1 Дал лар войл и):
Х1окху хьадисано диъ х1ума чу лецна :
1) и ц1ерш дагахь 1ама йар.
2) цер маь1наш довзар.
3) цу ц1ерши маь1нехь луъш дол чуьнц 1амал яр. Масала:
Аллах1и ц1е ю ша цхьаъ ву аьл (аль-Ахьаду) ,ахь 1амал йокх цуьн маь1нехь луъш дол чуьнц , Аллах1ац ширк ца дарц.
4) Аллах1и ц1ершц до1 дар , яя Аллох1 яя Рохьмаан , ишт кхи йолчаьрци, х1ай къинхетам беш верг къинхетам бе соьх аларц .
Аллах1и ц1ераш а , церан маь1на а , церах нийса кхетар а
1⃣2⃣ Шийттолг1а де:
Кхойтталг1а ц1е⬇️
🔴Аль-Баариъу (الْبَارِئُ)🔴
Аль-Баариъу бохуш йолу ц1е схьа эцна ю Аль-буръу (ц1анал, могш хилар, то валар) бохуш долу дашах .
Аль-буръу бохург цхьа х1ума ц1ена хилар ду , йа кхечу х1уманнах ц1ен хилар ду .
Масала : Аброах1улЛох1у мин мародых1и (أَبْرَأَهُ اللهُ مِنْ مَرَضِهِ) Аллах1 Дала ц1ан вина иза ше цамгарах .
Аль-Баариъу аьлла йолу ц1е Аллах1и хьокъехь иштта маь1нехь хира ю :
И Аллах1 ву и халкъ кхоьллин волу , кхечу х1уманнах тера а ца кхуллуш , иштта Аллах1 стигланаш а латтанаш а кхоьллина , Аллах1 Дала адам ц1ан дина адмах тер кхи йолу х1уманш ца кхулш , Адам Пайхмар (Делер Салам маршал хил цун ) ма кхоллара латтах .
И Аллах1 ву и адмаш ц1ан дин волу кхечу ирча х1уманнашха , иштта и адам хаза а кхоьллина , и Аллах1 ву и адмаш кхи дахь долу массо а х1ума ша ша кепара хаза кхоьллина волу , и Аллах1 ву и ша луш вег х1ораъ кхолламанна ше ше куц кеп , шена хааре терра азаллехь и д1а а яздина .
✅Аль-Баариъу аьлла йолу ц1арах вай ма дийцари кхетар дукх вай
Аллах1 нис дойл вай.
Со шей до1наш юккъахь виц ма велиш .
🔴Дагахь 1амо.🔴
➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖
Автор: цхьа г1ийла Аллах1и лай