НАВАКЪИДУЛЬ-ИСЛАМ
БисмиллахIи-Ррохьмани-Ррохьийм
Хьуна хаийла Ислам дин дохош долу хIума итт дуйла.
1- Доьххьарниг: АллахIан Iибадат дарехь цуьнца накъост лацар. АллахIа аьлла:
﴿ إِنَّ اللَّهَ لا يَغْفِرُ أَنْ يُشْرَكَ بِهِ وَيَغْفِرُ مَا دُونَ ذَلِكَ لِمَنْ يَشَاءُ﴾ النساء: ١١٦
«Баккъалла а, АллахIа гечдеш дац Шеца накъост лацарн, Цо гечдийр ду цулла лахарчунна(1) Шена луучунна» ан-нисаъ, аят: 116.
Ткъа кхи а аьлла:
﴿ إِنَّهُ مَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدْ حَرَّمَ اللَّهُ عَلَيْهِ الْجَنَّةَ وَمَأْوَاهُ النَّارُ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ﴾المائدة: ٧۲
«Баккъалла а ша(милла велахь) АллахIаца декъашхо лаьцнарг (Iибадат дарехь), бакъ долуш АллахIа цуна хьарам йина ялсамани, (эхартехь) цуьнан воьрзу меттиг (жоьжахатин) цIе ю. Зуламхошна хир ма бац (уьш кIелхьар баха) гIоьнчий.» аль-маида, аят: 72 Цунах(ширках) ду: АллахI доьхьа доцуш кхечуьн доьхьа (дийнатан) урс хьакхар, масалан жинашна доьхь хьакхар, йа кашан доьхь.
2- ШолгIаниг: АллахIанна а, шена а юккъахь «юккъарло» лелош бериш лаьцнарг, цаьрга (шен хьашташ кхочуш дар) доьхуш, цаьргара шапаIат доьхуш, царна тIе болх буьллуш, (цо) керистаналла дина массо Iеламнехан барт хиларца.
3- КхоалгIаниг: ширкан охIла кериста ца хеттарг, йа уьш кериста хиларехь шек ваьлларг, йа цара лелош дерг нийса хеттарг, цо а керистаналла дина.
4- ДоьалгIаниг: кхечуьнан некъ Пайхамаран -IалайхIиссолату вассалам- некъалла а кхоччуш (гIоле) хеттарг, йа кхечо йеш йолу кхел цуьнан кхелалла а дика хеттарг, «тIогIутан» кхел гIоле хеташ бериш санна, иза кериста ву.
5- ПхоьалгIаниг: Элчано -IалайхIиссолату вассалам- деанчух (динах) цхьа хIума ца дезначо -цо иза леладахь а- керистаналла дина.
6- ЙалхолгIаниг: Элчанна -IалайхIиссолату вассалам- динах (долу) цхьан хIуманах, йа АллахIа (лун йолу) йолах, йа (Цо дийра долу) Iазапах ца ваьшначо(йа забарш йиначо, йа ваьллачо) керистаналла дина, цуьнан (хIокху къамелан) далил АллахIан дош ду:
﴿ وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ لَيَقُولُنَّ إِنَّمَا كُنَّا نَخُوضُ وَنَلْعَبُ قُلْ أَبِاللَّهِ وَآيَاتِهِ وَرَسُولِهِ كُنْتُمْ تَسْتَهْزِئُونَ * لَا تَعْتَذِرُوا قَدْ كَفَرْتُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ﴾التوبة: ٦٥-٦٦.
«Ахьа цаьрга хаьттича, цара эра ма ду: «Баккъалла а тхо-м (забаре хабарш) дуьйцуш а, ловзуш а дарий», Ахь ала (цаьрга): «АллахIах, Цуьнан аятех, Цуьнан элчанах кхаьрдаш (цадешаш) дара шу?!»(65) Бехказа ма дийла, бакъ долуш керистаналла дина аш шаьш (АллахIац) ийман диллин чулла тIаьхьа!» ат-тавба, аят: 65-66
7- ВорхолгIаниг: Бозбунчалла -цунах ду: (ца дезаш долу хIуманна)тIе верзош дерг а, (шена дезаш долу хIуманах) дIа верзош дерг а-, иза(бозбунчалла) диначо, йа цунна реза хиллачо керистаналла дина, цуьнан далил АллахIан дош ду:
﴿ وَمَا يُعَلِّمَانِ مِنْ أَحَدٍ حَتَّى يَقُولا إِنَّمَا نَحْنُ فِتْنَةٌ فَلا تَكْفُرْ﴾البقرة: ١٠۲.
«Царшимма цхьа а Iама ца вора(бозбунчаллийн), шаьшшимма (цуьнга) аллалц: «Баккъалла а тхо зер ду хьуна, ма де керистаналла!» аль-бакъара, аят: 102
8- БархолгIаниг: ширкан охIла тола бар, (царна) гIо дар бусулба наханна доьхьал, далил АллахIан дош ду:
﴿ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ مِنْكُمْ فَإِنَّهُ مِنْهُمْ إِنَّ اللَّهَ لا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ ﴾المائدة: ٥١.
«Шух царех шена доттагIий (хьоменаш, гергарниш) лецнарг (царн тIе хоьттинарг бусулба нахан доьхьал), баккъалла а, иза царех ма ву. Баккъалла а, АллахI нисдеш вац зуламе къам.» аль-маида, аят: 51
9- ИссолгIаниг: Цхьа-болу нахан Мухьаммадан -IалайхIиссолату вассалам- динах вала мегар ду аьлла хеттарг, Хадиран ма маггар Муса Пайхамаран –IалайхIиссалам- динах вала, иза(хеттарг) кериста ву.
10- ИттолгIаниг: АллахIан динах дIа верзар, иза Iама а ца деш, йа лела а ца деш, цуьнан далил АллахIан дош ду:
﴿ وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ ذُكِّرَ بِآيَاتِ رَبِّهِ ثُمَّ أَعْرَضَ عَنْهَا إِنَّا مِنَ الْمُجْرِمِينَ مُنْتَقِمُونَ ﴾السجدة: ۲۲.
«Мила ву тIех (сов) зуламе шен Делан аяташ шена (цхьамма) хьахийна (билгалдаьккхина) волу, цул тIаьхьа царех дIавирзинчулла а? Баккъалла а, Тхо къинош диначегар чIир оьцур йолуш (бекхам бийр болуш) ма ду.» ас-саджда, аят: 22
Цхьа а башхалла йац хIара ша-долу дин дохош долу белхаш забаре волуш, йа леррина волуш, йа кхоьруш волуш динчунна юккъахь, нуьцкъалгIа шега дайтинарг воцург.
Уьш ша-дериш а уггар чIогIа кхераме долучух а, алсам эгаш(хуьлуш) долучух а ду, бусулбачунна тIехь ду царах ларвалар а, шегар уьш даларах кхерар а.
АллахIаца ларло вай Цуьнан оьгIазло хуьлуьйтуш долучух а, Цуьнан лазме долу Iазапах а.
АллахIа Шен гергар долу малекашна хьалха хаста войла, маьрша а вуьтийла Шен халкъах уггар гIоле волу Мухьаммад а, цуьнан асхьабаш а, тIехь мел хоьттинарг а!
-----------------------------
1- Цхьаболчара санна «и доцчунна» ца олуш, «цул лахарчунна» аьлла, хIунда аьлча ширк а, куфр а цхьан тIегIанехь ду, и бахьан долуш «и доцчунна» аьлча цу хуучун мотта тарлуш дар куфран(керистаналла) Дала гечдеш ду. Ширк динарг а, куфр динарг а даим вогур ву, цаьршина тоба ца деш валар нислахь. ХIара дош Шейх ибн Iусайминс - АллахIа къинхетам бойла цунах - хаьржинарг ду «аль-къовлуль-муфид» жайни чохь.